ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн телефон-м яйна а "ца хилла"


Дахначу кIирандийнахь Нохчийчоьнан администраторан Кадыров Рамзанан Гаьрмачигахь нохчийн ширачу дахаран васт хIоттош йина юьрт схьайоьллучу веънначохь телефон яйна, аьлла, иза карийнарг лохуш, мехкан полицино, толлуш-зуьйш, эзар сов вахархо гIаттийнера.

Нахана бехк-гуьнахь а доцуш гIело йо аьлла, орцахъелира оршотдийнахь адамийн бакъонашларъен «Мемориал» юкъаралла.

Амма хIинца Кадыровн пресс-гIоьнчас Керимов Iаьлвис хаам бина, шен хьаькаман телефон яйна а яцара, аьлла. «Берраш а аьшпаш бу, Рамзан Ахматовичан ши телефон а ю, уьш цуьнан белхан стоьла тIехь а ю», - боху Керимовс Интерфакс-агенталлехула.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG