ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а Украине гуманитарийн ковра хьажо дагахь ю Оьрсийчоь


Украинин къилба-малхбале керла гуманитарийн ковра хьажо дагахь ю Москох. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс. Цо дийцарехь, КIирандийнахь цу хьокъехь леррина нота хьажийна Оьрсийчоьно Украинин арахьарчу гIуллакхийн министралле.

Оьшуш долу кехаташ гулдан хьалха санна дукха хан оьшур яц аьлла сатесна ду шаьш, элира Лавров Сергейс. Даханчу ПIераскан дийнахь, Украинин Iедалшца барт а ца беш, Луганске яхара Оьрсийчоьнан гуманитарийн ковра. Кхин а цхьа де даьлча киралелон машенаш юхайирзира Оьрсийчу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG