Махбалерчу Европан кхерамзалла Iалашярхьама цо шен ницкъаш эша тарлучу дуьхьалонна кечбан беза аьлла хета Атлантикан альянсан (НАТО-н) Инарла секретарна Расмуссен Андерсна. Оцу гIуллакхна масситта эзар эскархо тIеман кечаме валон веза, элира цо оьршотдийнахь Брюсселехь. Йоцца хан оьшу хIаваан а, хIордан а ницкъаш самонна кечбан, бохура Расмуссена. Оьрсийчоьнца 1997 шарахь бина барт ларбеш, мегачул сов а бохур бац НАТО-но Малхбалера шен ницкъаш, аьлла цо.
Уэльсехь НАТО-н саммит ю хуьлуш еарийдийнахь. Цигахь, доккхачу декъанна, дийцарехь хила тарло Оьрсийчоьнанний, Украинанний юкъаметтигашца доьзна хIун само яе оьшу НАТО-но боху хаттар.