ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къиза хьийзарна вен кхачийна 5 овхIанхо


ОвхIанистанан аппеляцин кхело 4 зуда хьийзорна вен кхачийначу ворхIаннах шиъ хьалхаваьккхина оцу луьрачу таIзарх. Мухьаммад Султанний, Шах Iалам Жемаллий бехке хилар дуьззина къастийна дац аьлла бу суьдхочо Хьакъикъ СедуллахIа бина сацам. Герзаш карахь нахана таIзар дарна, и шиъ бехке а веш, 20-20 шераш кхайкхийна цу шинна.

Кабулна юьстахара, гергарчийн ловзаргара цIайогIуш хилла йиъ зуда хьийзийна вен кхачийначу пхеамма. Зударех цхьаъ, 18 шо долу йоI, елла дарбанцIийнехь. Кхелан сацам тIечIагIбан беза ОвхIанистанан президента.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG