ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гаагера трибунал: Караджичан деза къамел


Боснерчу сербийн лидер хилла Караджич Радован волавелла Гаагерчу дуьненанюкъарчу бехктакхаман кхелехь шен тIаьххьара дош дIакхайкхо. Зуламхойн гIента хаийнарг ша цхьаъ вац, берраш а сербаш бу, аьлла, долийна цо шен къамел. 11 зулам ду Караджична бехкедуьллуш. 1995-чу шарахь Сребреницехь бусулба нахах 7500 стаг хIаллаквеш гIаттийна геноцид а ю цунна бехке еш. Амма цо тIе ца оьцу шена цхьа а бехк. Прокурораша велла дIаваллалц набахтехь латтор волуш сацамбар дехна кхеле.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG