ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Малхбузера пачхьалкхашкахь безам бац дукхах болчу оьрсийн


79 процент Оьрсийчура бахархоша шайн пачхьалкхан мостагIий лору уггаре а таро йолу Малхбузера пачхьалкхаш, шайна юкъахь Iамерка а, Германи а, Япони а, Британи а, кхин ерш а йолуш. Оьрсашна хетарехь, и пачхьалкхаш шайн проблемаш кхочуш ян гIерташ ю Оьрсийчоьнна эшам а беш. Иштта ду Левада-центро бинчу талламан жамIаш.

Цу талламехь дакъалаьцначу нахах 8 процент а бен бац Iамерка а, Европера пачхьалкхаш а Оьрсийчоьнан партнераш хеташ. Социологаша дийцарехь, оццул чIогIа Iамерке а, Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхашка а цабезам хилла бацара Оьрсийчохь цкъа а.

Нисса бIостанехьа ду Китай хьокъехь оьрсашна хетарг. 19 процентан хетарехь Оьрсийчоьнан а, Китайн а юкъаметтигаш доттагIаллийн ю, 25 процентана хетарехь уьш дикачу лулахойн санна ю, кхин а 35 процентана хетарехь и юкъаметтигаш хила ма-езза дика ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG