ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан кемано доза хадийна Эстонин стигалахь


НАТО-н а, Швецин а кеманаш айинера Эстонин стигал Оьрсийчоьнан Ил-20 олуш долу талламан кема схьалаца. И бахьана долуш Эстонин арахьарчу гIуллакхийн министралло, тIе а кхайкхина, шаьш реза цахиларан нота дIаелла Оьрсийчоьнан векале. ХIаваэ айинарш дара НАТО-н ницкъашна юкъадогIу Данин а, Португалин а F-16 олу кеманаш.

Оьрсийчоьнан кема къилбе дIахьевзина, минотал къезиг Эстонин стигалахь Iийначул тIаьхьа аьлла, хаам бина НАТО-но. Цу тайпа Оьрсийчоьнан кеманаш луларчу пачхьалкхийн дозанаш хедор алсамдаьлла Москохо Украинин ГIирма дIалаьцначул тIаьхьа. НАТО-н векалша дийцарехь, дукхачу хьолехь уьш НАТО-но Iуналла дечу территорина улле а доьлхий юхадовла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG