ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоь реза хилла Иракъера Шема боьлху "Пешмерган" курдаш чекхбовлийта


Шемара Кобани гIалахь "Исламан пачхьалкх" тобанна дуьхьал латта шайн территорина тIехула 200 курдийн "Пешмерга" олучу тобан эскархо чекхволуьйтур ву шаьш аьлла, дIахьедар дина Туркойчоьнан президенто ЭрдохIан Реджепа. Цо дийцарехь, Шемара Демократин Цхьаьнакхетар олу партица барт бина шаьш цу хьокъехь аьлла.

Кобани гIалахь карарчу хенахь «Исламан пачхьалкх» тобанца тIом беш бу 2000 сов курдой. Кху беттан 22-чу дийнахь Иракъера курдийн регионан парламенто къобул дира Пешмерга олу тобан декъашхой Кобани хьажо. Цу хеннахь Шемара юкъараллан жигархоша чIагIдарехь, кху тIаьхьарчу деношкахь, Iамерко куьйгалла дечу коалицино тохарш а дина, вийна 500 сов "Исламан пачхьалкх" тобанера тIемало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG