ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнна "Мистрал" дIалур дац Францино


Украинера кризис бахьана долуш «Мистрал» олу беркеманаш лело хIордан кема Оьрсийчоьнна дIадалар тIаьхьатеттина Францино. Цунах лаьцна хаам бина Францин Iедалан векалша лерринчу дIахьедарехь. «Республикан президентана хетарехь, Украинин малхбалехь лаьттачу хьоло хIинца а аьтто ца бо хIордан кема дIадала»,- аьлла ду цу тIехь.

РИА Новости агенталло бинчу хаамца, Москох дагахь яц цу хьокъехь Парижана бехк билла. Хьалхо хаамаш баьржинера Оьрсийчоьно варе йина Франци Лахьан-бутт чекхболуш шайна кема схьацалахь цуьнан во тIаьхьалонаш хир ю аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG