ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шашах юьйлу нохчийн полисхойн тапчанаш


Устрада-ГIалахь полисхочун доларчу тапчано 11 шо долчу кIантана човъяр толлуш ю Нохчийчуьра прокуратура. Полисхойх цхьамма журналисташка дийцарехь, кхаарийн сарахь хилла и бохам. Низамхочо шега тапча елча, цуьнан доттагIчо балконтIехь масситтаза иза кхоьссина, иштта кхетта кхечу балконтIерачу нехан берана боху цо. Иза иштта делахь, мел кIезиг а, тапча кхечуьнга яларна бехке ву полисхо. Ах шо хьалха хилира махкахь и саннарг. Ловзаргахь шен дов иккхича, полисхочо вийра 18 шо долу кIант. Ткъа полисхочунна тIехIуьттучара бохура, вовшахлета нах къастош яьлла цуьнан тапча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG