ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Литвиненко валар хьокъехь ладогIарш дуьйладелла Лондонехь


Шинарин дийнахь Лондонерчу кхелехь ладогIарш дуьйладелла Оьрсийчоьнан ФСБ-н эпсар хилла волу Литвиненко Александр валарца доьзна долу. Иза велира 2006-чу шарахь Британерчу цхьана клиникехь. Бахьана дара радиотIахаьлла долчу полонийх дIовш далар. Луучуьнан ладогIа аьтто болу ладогIарш дахлур ду 10 кIиранах. Цул тIаьхьа кхело болх бийр бу къевлинчу рожехь.

Цу хенахь судхошна гойтур ду Британин лерринчу сервисаша гулдина къайлах долу документаш. Лондонехь арадолучу «Дейли телеграф» газето дийцарехь, Iамеркан къоман кхерамазаллин агенталло дIаделла МИ-5 олучу Британин талламан сервисе Литвиненко вуьш дакъалаьцна хила мегаш болчу наха а, церан Москох болчу хьаькамаша вовшенга яздина электронан кехаташ. Газето дийцарехь, иза мехала хаам бу Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан белхахоша Литвиненко вийна хиларан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG