ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехула йолу маслаIатан тоба цхьаьнакхетар ю Минскехь


Украинера конфликт дIаерзо кхоьллина йолу контактан тоба цхьаьнакхета мегаш ю ПIераскан дийнахь Минскехь. Цунах лаьцна хаам бина «Белта» агенталло Белорусин арахьарчу гIуллакхийн министраллана тIе а тевжаш. Контактан тобане сихха дагадовларш дIахьо аьлла дехар динера Украинин президенто Порошенко Петрос.

Хьалхо Донецкан халкъан республика олучу тобанан куьйгалхочо Захарченко Александра дIахьедар динера ша Порошенкоца цхьанакхета бен реза вац аьлла.

Цу юкъана Лаганскан халкъан республика олучу тобан хьалханчо Плотницкий Игора хаам бина Минскехь хир долчу цхьаьнакхетарехь Донецкерчу а, Луганскерчу а тобанин цIарах дакъалоцур ду Пушилин Дениса а, Дейнего Владислава а аьлла. 2014-чу шарахь Гезгмашин-баттахь Минскехь барт бан аьтто баьллера Украинин малхбалехь герзаш деттар сацор ду аьлла. Амма тIаьхьо и барт бохийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG