ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керри Джон: Тхо кхин ловзур дац Оьрсийчоьнца


«Оьрсийчоьнца ловза лерина яц Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ а, цуьнан уьйраш а, тхо керла санкцеш кечъеш ду цо Украинехь лелочу харцонна дуьхьал», - дIахьедина КIайчу ЦIийнан Пачхьалкхан депортаментан куьйгалхочо Керри Джона.

Иза Керрис бохура Лондонехь Британин арахьарчу гIуллакхийн министрца ХIаммонд Филипца цхьаьнакхеттачохь шоьтадийнахь.

ТIаьххаьрчу деношкахь «эхь доцуш а, цхьаннех ца ешаш а» хьийза Оьрсийчоь, Минскехь дахначу кIиранах Украинера тIом сацо бина барт бохабо цо, бохура Ингалсенан коьртачу дипломата ХIаммонда а.

Ткъа тIемаш карарчу ханна Донбассехь лаьтташ бу, Украинан эскарша а, сепаратисташа а вовшийн барт бохорна бехке а деш. Ткъа Москох къера ца хуьлу ша Донбассе эскарш хьийсош хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG