ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш кечйина Iамерко


Украинин малхбалера кризис юха а чолхеча ялахь а аьлла керла санкцеш кечйина шаьш Оьрсийчоьнна дуьхьал аьлла дIахьедар дирна Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаро Керри Джона.

Кхаарин дийнахь Конгрессан Векаллийн чоьнан арахьарачу гIуллакхашкахула йолчу комитетехь вист хуьлуш Керрис билгалдаьккхира цкъачунна я Оьрсийчоьно а, я цо гIортор еш болчу сепаратисташа а машаран барт кхочуш беш бац аьлла.

Хьалхо Кхаарин дийнахь Францин арахьарчу гIуллакхийн министро Фабиус Лорана дIахьедар дира, Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш кхайкхор ю Евроберто, нагахь Оьрсийчоь тIехIоьттина йолчу сеператисташа Мариуполна тIелатар дахь аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG