ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцов Борис дIавуллуш


Оьрсийчоьнан эзарнаш бахархой баьхкинера, Кремлан критик а, оцу пачхьалкхан коьрта мукъ ларалучу гIопана герггахь вийначу а Немцов Борисах къаьсташ, иза ган.

Iаьржачу духаршкахь цунна уллехь лаьттара гергарнаш. Сахаровн Центрехь а, иза дIавуллучу Троекуровн кешнашкахь а бара вуно дукха нах. Кешнашка боьдучу новкъахь лаьттачу бахархойн карахь дара «Оьрсийчоь маьрша хир ю» тIеяздина гатанаш, некъ лаьццна даржийнера наха зезагаш.

«Ас ца боху кхин гур дац, леш бац Турпалш я дIа а ца боьлху», - бохура оппозицин лидерех волчу Гудков Дмитрийс къастаран церемонехь. Оцу маьIнехь довха дешнаш элира Iедална дуьхьаллаьттачу кхечу бевзаш болчу оппозиционераша-политикаша а.

Тезетахь бара Евробертан а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн а пачхьалкхийн векалш, дуккха а генара баьхкина нах. Ткъа цхьаболу Европера политикаш махка а ца битина Оьрсийчоьнан дозанийн урхалло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG