ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саркозин парти тоьлаш ю Францехь меттигерчу харжамашкахь


ДIадаханчу КIирандийнахь хиллачу меттигерчу харжамийн хьалхарчу муьрехь толам баьккхина Францин президент хиллачу Саркози Николян Консерваторийн партино а, цуьнан бертахоша а. Цу кепара харц хуьлу Францин Къоман фронтан куьйгалхочо Ле Пен Марина хьалхо цу харжамашкахь шен парти тоьлла а дина долу дIахьедар. Официалан кепара цкъачунна болчу хаамашца, Саркозина а, цуьнан бертахошна а шайн кхаьжнаш дIаделла 30 процент гергга харжамхоша.

Цу хеннахь Ле Пенан Къоман фронтехьа кхаьжнаш тесна 26 процент гергга цу харжамашкахь дакъалаьцначу наха. Хила мега аьлла хеташ ма-хиллара, Францин президент волчу Олланд Франсуан социалисташа кхолагIа меттиг дIалаьцна 21 процент гергга кхаьжнаш а гулдина.

ШолагIчу муьрехь Къоман фронтан кандидаташца цхьа а аьльянс йийр яц шаьш аьлла хьалххе дIахьедар дина Саркози Николяс. ТIедогIучу КIирандийнахь къаьстар ду хьа дийр ду урхалла Францехь департаментийн а, меттигерчу Iедалийн тIегIантIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG