ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йеменехь операци йолийна Iаьрбийн пачхьалкхаша


ШиIатин гIаттамхойн-хуситийн карахь йолчу Йеменан территори тIе бомбанаш а, ракеташ а етта йолийна Саудин Iаьрбийн пачхьалкхо. И операци цо д1ахьош ю, лулахошца дага а йолуш. Цунах лаьцна хаам бина Сауди Iаьрбийн пачхьалкхан Iамеркехь волчу векло ал-Джубейр Абдела. Цу коалицина юкъахь ю Iаьрбийн Цхьаьнатоьхна Эмираташ а, Кувейт а, Катар а, Бахрейн а.

Ал-Джебейра дийцарехь, цу операцин Iалашо ю президент Хади Мансур куьйгаллехь волу бакъонца долу Iедал лардар. ТIеман кеманашца тохарш дийр ду шаьш Йеменан муьлхха а меттехь бохуш вара векал. Йеменан коьрта гIала Сана дIалаьцна ю шиIатийн гIаттамхоша. И бахьана долуш цу мехкан президент дIавахана цигара. Иза хинца мичахь ву билггал хууш дац.

Хаьлхо Iамеркин КIайн ЦIийнан пресс-секретаро Эрнест Джоша дIахьедар динера Цхьаьнатоьхначу Штаташа емал дина Йеменехь адамашна ницкъ бар аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG