ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зарратан дийцарш йисте кхочуш ду


ГIажарийчоьнца зарратах лаьцна дийцарш дIахьочу ялх мехкан ТехIеранца бертан некъ къастабала тарло кху карарчу сахьташкахь. Оцу хьокъехь Рейтерс агенталле хаамбина дийцарийн цхьана декъашхочо.

Цо бахарехь, дика дIадоьлху дийцарш. Швейцарерчу Лозаннехь зарратан дай болчу мехкийн дипломаташна хьалха къасто халачех ду хаттар: Малхбалено ша тоьхна латтае экономикан санкцеш ГIажарийчоьнна тIера а йохуш, цо зарратан герз ца кхолла чIагIо а еш бина барт ларбеш буйла муха тида деза?

Рейтерсца официалехь а доцуш къамел дина дипломат тешна вара, и агIо а кху дийнахь-буса толамца къасталург хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG