ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЯлхалгIачу нохчочунна а тIекховдийна Немцов веран бехк


Политик Немцов Борис вуьйш коьрта дакъалацарна талламчаша бехкевен Дадаев Заур тера вогIу зулам диначух, аьлла тешо Евгенийс, хаамбо Оьрсийчуьрчу РБК-агенталло.

«Керлачу Газето» а даржийна, Талламан комитето леваза ву ша теш лору кхин цхьа стаг – Геремеев Руслан, аьлла. Ткъа Нохчийчуьра кхочучу хаамашца, Жалкхехь, ша вехачохь, Iедалан ницкъаша доккха ха а хIоттийна, ларвеш ву Геремеев. Хийцам боцуш, хьалха а санна лаьцна, левеш ву Немцов Борис верца доьзна пхи нохчо.

Царна массарна а тIе бехк а кховдийна талламчаша. Цара ялхалгIа стаг а ву хIинца зуламан декъа валош – нохчо, цо зуламдечарна машен а, герз а кхачийна, пхиппа миллион сом дала чIагIо йина а хилла, боху талламчаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG