ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Террорна бехкевийриг набахтера аравалийтина Пакистано


Рейтерс агенталло бечу хаамца, Пакистанан Iедало закъалт а эцна, лаьцначуьра арахецна ХIиндойчуьра Мумбаи гIалина 2008-чу шарахь, нах а бойуш, тIелетарш гIовттийна хилла Лакхви Заки-ур-Рехьман. Цунах лаьцна дIахьедина Лакхвин адвоката Iаббас Насир Малика. Низамера яьккхина йолчу Лашкар-э Тайба олучу тIеман тобан лидер ву Лакхви. Иза набахтехь кхабаро бехха къовсамаш латтийна Пакистанехь.

Адвоката бахарехь, Лахор гIалин кхело 20 эзар доллар схьаэцна закъалтна. Лакхви Заки-ур-Рехьман бехке лору, 166 стаг а вуьйш, Мумбаихь хилла лелхийтарш кечдарна. Иштта бехкево иза цхьа офхIанхо лачкъорна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG