ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьрша нах байина Вазирстанехь


Пакистанерчу официало хаийтарца, тIемалой тIелетта Белуджистанехь хин апареш хIиттош, болх беш хиллачу нахана. Лаххара а вийна 20 стаг, массех лазийна. Маршо Радион Пакистанерчу Машаал декъо даладо цигарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министран Бугти Сарфаразан дешнаш: «Маьттаза йина террор ю иза».

Тербат олучу меттехь шоьтан Iуьйрана дина зулам. Юьхьанца ца кхетта Iедал, мила ву иза динарг. Рейтерс-агенталле дийцина лазийначех цхьамма, нах байа хIиттинчара, шаьш иза до шайна дуьхьал Iедало деношкахь тIеман операци дIаяхьар доькхуш элира, бохуш.

Францерчу AFP агенталло хаамбина, Пакистанах Вазирстан дIахадо гIертачу тIемалойн пресс-секретара Тербатехь белхалой байар шайна тIеэцна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG