ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь лахделла вен кхел ян мегар ду аьлла хетачу нехан терахь


Оьрсийчохь кху тIаьхьарчу эха шарахь лахделла стагана зулам дарна вен кхел ян мегар ду аьлла хеташ болчу нехан терахь. Иза гойтуш бу «Общественное мнение" талламан фондо бина рогIера таллам. Оьрсийчура 60 процент бахархой дуьхьал бац зулам динчу стагана вен кхел ярна. Даханчу шеран Гезгмашин-беттахь цу тайпа ойла йолуш бара Оьрсийчохь 63 процент бахархой. Ткъа 2001-чу шарахь цу тайпа нах 80 процент бара оьрсашна юкъахь.

Стаг вен кхел ян мегар дац аьлла хетачу нехан терахь а алсам даьлла Оьрсийчохь кху тIаьхьарчу эха шарахь. Цу тайпа ойла йолуш бу 22 процент бахархой. 2001-чу шарахь уьш 16 процент а бен бацара. 17 процент респондентийн дала жоп цахилла цу хаттарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG