ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гакаев Ваха гIур ву Толаман Параде


Дуьненан ШолгIачу тIамехь толам баьккхина 70 шо кхачарца доьзна Москох хIиттошдолчу даздаршкахь нохчийн тIеман декъашхойн цIарах дакъалаца вохуьйтуш ву Сталинград йоккхуш турпалалла гайтина 93 шо долу Гакаев Ваха. Нохчийчуьрчу Къинхьегаман а, белхан кхачояран а министралло бечу хаамашца, Стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь Москох т1еман гайтаме ваха хIора а регионера цхьацца тIеман ветеран ву векалвина.

Гакаев Ваха тIаме кхайкхина 1941-чу шарахь. ТIемаш бечу эскаршна кхача хьош, герзаш тIеузуш, лазийнарш дарбан цIеношка кхачош хилла цо, кхочуш а дина и шен декхар майраллица. ТIамтIехь Гакаев Вахига буьйранчас паспорта тIера цIе хийца, оьрсийчух тарьеш, аьлла, дехна хиллера цуьнга, амма иза реза ца хилла. Тахана 37 ветеран веха Нохчийчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG