ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эрмалойн бохам дагалоцуш


Дуьненан Хьалхара тIом боьдуш Iосмалойн Iедало 1 миллион ах миллион эрмало вер а, махкахваккхар а даре ца деш, Туркойчоьно ша даржаде дIахьедарш «кхечу дешнашца» дан деза аьлла, Ереване эрмалоша Iазап лайна 100 шо кхочуш хIоттийначу дагалецаман бараме вахначу Францин президента Олланд Франсуас. Дакъалоцуш вара цигахь Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а. Туркойчоьно бакъ ца до Iосмалойн Iедало леррина эрмалой байина бохург, массо а туркоша а санна, цара лайнарг махкарчу тIеман къизалла яра, цунах «геноцид» олийла дац, боху.

Путина кхераме ду элира национализм дуьненахь яржор, цу тIе доьгIна «русофоби» шена шоръелча санна хетийла а хоуьйтуш. Украина бахьанехь Кремл Малхбалено емалъеш хилар юьхьара а эцна диначух тера хета тергамчашна Путина и къамел. Эрмалошна баьккхина бохам «геноцид» хилар цхьаболчу мехкаша бакъдаро аьтто ло 100 шарахь даре ца деш дитинарг боданера серлоне даккха, элира барамехь Эрмалойчоьнан президента Саркисян Сержа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG