ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шегара дарж, эшахь, ша охьадуьллур ду боху Кадыровс


Иза хьашт делахь, ша даржера дIавала кийча ву, аьлла дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Иштта ду Соьлж-ГIалахь Ставрополера баьхкинчу полисхоша Дадаев Жамбулат вер Iаьткъинчу цо кхин махкара боцу низамхой ма бита махка, багIахь царна герз тоха, аьлла, Нохчийчоьнан полисхошна хьалха дина къамел ца тайначу Москохарчу Iедална делла жоп.

«Суна регион тешош елахь, ас лур ду кхузарчу кхерамзаллах жоп, ца далийтахь – дIаваккха со даржера» - аьлла ду РИА «Новости» агенталло даржийна Кадыров Рамзанан дIахьедар. «Со Лакхарчу Буьйранчин гIашло-эскархо ву. Эшахь – дIа а вер ву, эшахь вала кийча а ву» - боху Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG