ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан 6 махкаца Ригехь дIахьош ю саммит


Европан малхбалерчу 6 махкаца Европан Берто Ригехь дIахьош йолу саммит къовсаме елира Оьрсийчоьно ГIирмина аннекси ярах а, Ломан Карабахах а йолу деклараци тIеоьцучу дирзича. «Регионера кризисаш чоьте эцча, къовсам эккхар хила тарлург ду», - элира журналисташка оцу хьокъехь саммитан тIаьххьарчу дийнахь, пIераскана, Европан Кхеташонан лидера Туск Доналда.

Гуьржийчоьнан, Молдован, Украинан векалш тоьлаш, церан даггара, саммите гулбелла мехкаш реза бу Европехьа шайн къаьмнаш гIертарна, Европаца уьйрехь хила бохучу маьIнехь ю тIеэцна деклараци. Эрмалойчоьно, Беларусо, Азербайджано билгалдаьккхира, Шенгенан мехкашка визанаш ялар сихдан догIу боху ойла, хаамбина Туск Доналда. Виза йоцуш Европе лела оцу 6 махкарчу бахархойх беккъа цхьа молдовахой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG