ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Британин парламентан сесси схьайиллина паччахьо Элизабет ШолгIачо


Британин керлачу парламентан сесси схьайиллина официалан кепара цу мехкан паччахьо Элизабет ШолгIачо. Британи Евробертан декъашхо йисарх лаьцна референдум дIаяхьа оьшуш долу низам тIеоьцур ду мехкан министрийн кабинето элира паччахьо. Цо бинчу хаамца, и референдум хир ю 2017-гIа шо чекхдалале. Элизабет ШолагIчо иштта дIахьедар дира, Украинин малхбалехь хуьлучуьнца доьзна Оьрсийчоьнна Iаткъам бар сацор дац Британино аьлла.

«Сан Iедало кхин дIа а Iаткъам бийр бу Оьрсийчоьнна, Украина йозуш йоцуш хилар лардеш а, цуьнан территори ларъеш а, ткъа иштта иза тIера дера дац Минскех хилла маслаIат кхочуш дан деза бохучунна», - элира Британин паччахьо.

Кху беттан 7-чу дийнахь Британехь хиллачу харжамашкахь толам баьккхира премьер-министро Кэмерон Дэвида куьйгалла дечу Консерваторийн партино. Британи Евробертана юкъахь йисар хьокъехь референдум йийр ю аьлла дош деллера цу партино харажамашна кечлуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG