ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коррупци лелорна ФИФА-н лаккхара даржхой лецна Швейцарин полицино


Швейцарин инарлан прокуроран канцелярино бехк-такхаман гIуллакх схьадиллина 2018-чу а, 2022-чу а шерашкахь дуьненан чемпионаташ хир йолу меттигаш билгалйохуш кхаьънаш эцначу ФИФА-н (дуьненаюкъара футболан ассоциацийн федерацин) белхахошна дуьхьал.

Хууш ма-хиллара, цу харжамашкахь толам баьккхира Оьрсийчоьно а, Катара а. Прокуратуро бинчу хаамца, талламхоша ле вийр ву ФИФА сацамаш кхочушбаран комитетан 10 белхахо.

Оцу наха бина 2018-чу шарахь Оьрсийчохь а, 2022-чу шарахь Катарехь а футболан дуьненан чемпионаташ хир ю аьлла сацам. Тахана полицино Цюрихехь лаьцна ФИФА-н 7 лаккхара даржхо. Царна бехке дуьллуш ду иттаннаш миллионаш долларш кхаьънаш эцар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG