ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Магасна" ечу кхелехь


Къилбаседа Кавказан тIеман трибуналан пресс-секретара Каткало Алёнас бинчу хаамца, пIераскана гIалгIайх волчу Кавказ Имаратан куьйгалхошлахь леллачу Тазиев Iелин («Магасан») кхелехь агIонашка ладогIа долийна. Цкъачунна къамел дан кхиинчу прокурора Тазиев велла дIаваллалц набахтехь кхабар кхачор дехна кхеле.

Тазиев Iелина 2004-чу шарахь дуккха а полисхой бойуш Несарарчу полицин цIенна тIелеташ дакъалацар а, гIалгIайн куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек а лазош, цуьнан машен эккхийтар а бехкедо. Тазиевс даре ца дина ша бехкехиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG