ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Донбассна гIодеш ю Европа


Украинерчу тIемашкахь зенаш хиллачу Донбассна гIоьнна 15 миллиард евро ду Евроберто луш. Гуманитаран гIоьнан комиссин куьйгалхо Стилианидес Христос хилира Донбассерчу бахархойн таронаш зуьйш Краматорск гIалахь кхаарийдийнахь. «Конфликтехь зен хилла массо а нах декъаозар ду тхуна оьшург», - элира Стилианидеса. Цо бахарехь, кхача, йовха хIуманаш, мотт-гIайба, молханаш лур Донбассехь хьал эшна бисинчу нахана.

Украинехь тIемаш лаьттачу 2014-чу шарахь а, кхушара а Донбассе Евроберто кхачийна ши бIе ах бIе миллион еврона рицкъа. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин терахьаша бахарехь, 5 миллион гергга стаг ву цигахь гIо оьшуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG