ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоь а, Iамерка а дийцаршкахь ю


Туркойчоь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташца бийцаре беш ю шен дозанашна «Исламан Пачхьалкх» олучу тIеман тобанаша латтабе кхерам. ДжихIадхошна оьшу шен декъа арахьара ницкъаш кхочу Туркойчоьнан дозанийн аса долахь латтон, ткъа туркойн Iалашо ю Шемара а, Иракъера а шайн синош довдийна чуоьхучу мухIажиршна некъаш маьрша баха.

Оцу Iалашонца дахначу кIиранах цкъа а ца дина тохарш дира туркойн кеманаша шайн дозанна герга лаьттачу жихIадхойн а, курдойн Белхан партин а тIемалойн каппашна.

Iамеркан Штатийн президентан Обамин векалша дIахьедина, шаьш туркошца хьочу дийцарийн Iалашо ю церан Шемица а, Иракъца а долу 110 километр доза чIагIдар, аьлла. Цара бахарехь, хIинцачул тIаьхьа Iамеркан кеманаша жихIадхошна тохарш дийр ду Туркойчуьрчу базанашкара дIа.

Оцу юкъанна шинарийдийнахь туркойн президента Тайип Реджепа дIахьедина, курдойн тIемалоша йохош ю Туркойчоьнан цхьаалла, аьлла. Иштта ю цо Iедалний, курдойн Белхан партин тIемалошний юкъара дов марсадаларх йина комментари. И дов дестош ду курдойн тIемалоша ГIажарийчуьра Туркойчу йоьду газан биргIа шинарийн буса эккхийтарца а. И зулам дина Агри кIоштахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG