ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эскархо вер талланза дитина


Талламан комитето шега Соьлж-ГIалахь биъ бутт хьалха Москохара баьхкинчу низамхоша «Къилбаседа» батальонан эскархо Шиванов Бислан вер талла аьлла доьхуш дина дехар дитина кхочуш ца деш.

Кремлна гергахь политик-оппозиционер Немцов Борис вуьйш дакъалаьцна аьлла, Нохчийчу а баьхкина низамхой ша лаца боьлча, карахь граната а эккхийтина велира, аьлла ду Шиванов. Иза ша лар ца валар бахьана долуш кхелхина, боху Талламан комитето.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG