ТIалибаша шайн караерзийначу Кундуз гIалин доккхах дакъа схьадаьккхина ОвхIанистанан эскарша кхаа дийнахь бинчу тIемашца, хаам баржийна ОвхIанистанан официало. ТIеман министраллин хаамашца, еарийн буса хиллачу тIематасадаларшкахь вийна 150 тIалиб, лазийна 90, 100 тIалиб йийсаре а лаьцна. ОвхIанистанан Iедалан эскарша, кеманийн тохаршца гIо а деш, Кундуз гIаличуьра юхабаьхна тIалибаш.
Еарий Iуьйранна цхьа а дуьхьало йоцуш, шайн эскарш Бала-и-Хьисар, Пуль-и-Рахьмат кIошташка чудахна, дуьйцу тIеман министраллин векалша. Кеп-кепара, агIонаша шайгахьа уьйзуш гойту сурт, Iедало ша дIалаьцна боху гIалин юкъ, ткъа тIалибаша иза бакъ ца до. Эй-Эф-Пи агенталло шен хьосташна тIе а тевжаш, хаамбина, Кундузана юккъе къаьчна Iедалан эскарш, цигахь алссам байина гуш а бара тIалибаш, аьлла.