ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КхозлагIа де ду Шемахь оьрсийн кеманаша бомбанаш етта


Оьрсийчоьнана кеманаша кхозлагIа де ду Шемахь «Исламан Пачхьалкх» тобанашна тIе бомбанаш, ракеташ етта. Оьрсийн ТIеман министралло бечу хаамца, Алеппо провинцехь 12-за жихIадхойн урхаллашна а, каппашна а тохарш дина кеманаша. Кремло бахарехь, цуьнан кеманаша ХIама провинцехь а йохийна жихIадхойн урхалла. Амма кхечу хьостанашкара бац оцу хьокъехь хаамаш. Вашингтонехь цхьаболу политикаш шек бу Оьрсийчоь беккъа цхьана «Исламан Пачхьалкхерчу» тIемалошца къовсаме яьлла бохучух.

Шемарчу диктаторна Асад Башарна тIекарло еш йолчу Кремло байъа Iалашоне лаца тарло «Исламан Пачхьалкх» олучу тобанашкахь а боцуш, Асадна дуьхьалболу Шемара гIаттамхой, аьлла, шеконаш яржийна Iамеркан прессано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG