ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисарара Петарбухе доьдучу кеманчу бомба кхачийнарг аэропортан белхахо ву


Мисарарчу Шарм-аш-Шейхера Петарбуха доьдуш иккхинчу аэробус чохь иккхина бомба пластидан тайпанца юьйлинчу коьчалх кечйина хилла, хаамбина охIлайолчу хьостано «Интерфакс» агенталле. Оцу хьостано бахарехь а, хьалхо эксперташа даржорца а, бомба кеманчу кхачийнарг Шарм-аш-Шейхерчу аэропортан белхахо хила тарло.

Хьалхо «Коммерсант» газете талламчех цхьамма хаийтира, бомба кеман цIога долчу агIор, некъахочун гIента кIел, иллюминаторна гергахь хIоттийна хилла, аьлла. Шинарийдийнахь Оьрсийчоьнан федералан кхерамзаллан урхалло (ФСБ) дIахьедира, кема чохь бомба а эккхийтина дохийна аьлла.

Бехкенаш схьакаро а, царна таIзардан а чIагIойина президента Путин Владимира. 224 стаг велла дуьйцучу кеманчохь. Иза дохийнарг шаьш ду аьлла хаамбира «Исламан пачхьалкх» олучу тобанаша интернетехула.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG