Италерчу Верона гIалахь кхаа герзахочо Кастельвекко цIе йолчу музей чу а иккхина пIераскан буса лачкъийна 10-15 миллиард евро мах болуш лору Юхадендаларан заманара суьрташ, аьлла даржийна АНСА агенталло музейн белхахойн хаамна тIе а тевжаш.
Суртдиллархойн Тинтореттон, Пизанеллон, Беллинин, Каротон пхи болх дIабаьхьна зуламхоша. Къола иза дан цхьамма мехах лаьцначу наха дина, дIахьедина Верониан мэро Тоси Флавиос. Талламаш дIахьош бу Италин карабинераш.