ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн юкъаметтигаш Путинца йийцаре ян дагахь ву ЭрдохIан


Су-24 тIеман кема чудаитарца иккхина долчу девна гонаха «цIарца ма ловза» аьлла, кхайкхам бина Оьрсийчоьне Туркойчоьнан президенто ЭрдохIан Реджепа.
Оццу хенахь цо билгалдаьккхина Москохца ша юкъаметтигаш чолхечу яха лууш цахилар. Туркон телевизионехула къамел деш, ЭрдохIана хаам бира, кема чудаитарца хIоьттина хьал президентаца Путин Владимирца дийцаре дан лууш ву ша кху беттан 30-чу дийнахь Парижехь хир йолчу климатца йоьзначу саммитехь аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG