ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн кеманашна дуьхьал Шемахь ракеташ яхарх варе йина Оьрсийчоь ЭрдохIана


CNN телекомпанина интервью луш Туркойчоьнан президенто ЭрдохIана Реджепа дIахьедар дина, шаьш агрессин акт лорур ю, нагахь Шеман хIаваэхь долу туркойн кема чудаийтахь, Оьрсийчоьнан зенитан ракетан комплексах пайда а оьцуш аьлла.
Туркойн куьйгалхочо иштта билгалдаьккхира, цу тайпа хIума хила мегаш хилар. Нагахь и тайпаниг нислахь, шаьш дIацатоьттуш дан дезарг дийра ду элира цо. Амма ЭрдохIана билгалцадаьккхира шаьш дан леринарг.
Туркойчоьнан президенто юха а дIахьедар дина шаьш лууш дац цу регионера хьал кхин а карзах даьккха аьлла. Иза чолхе даларна бехке бу элира цо Шеман президентан Асад Башарана тIехIиттина берш аьлла.
Хьалхо Туркойчоьнан президенто дIахьедар дира, шаьш цхьа а къинтIера воккхур вац, шайн хIаваан доза дохийна долу кема шаьш чудаийтарна аьлла. Шаьш кIинтIера даха дезарг ю важа агIо, шаьш дац бохуш вара иза.
Туркойчоьно шаьш къинтIера дахаре ладоьгIуш ву Оьрсийчоьнан президент Путин Владмир.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG