ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Ахьмадан сурт дагорна гоне лаьцна БIаьчи-Юьрт паргIат ю


Iедало нохчийн къоман хьалханча хиллачех лоручу Кадыров Ахьмадан сурт цабевзачара дагорна гоне лаьцна латтийна БIаьчи-Юьрт паргIат ю нахана дехьа-сехьа бовла, хаамбо цигарчу бахархоша.

Шоьтан буса а, дийнахь а полицино гонелаьцначу юьртахь хIусамашкара а буьгуш лебина дуккха а бахархой. Лецнарш зен дщIакхачош хилла КадыровгIар бехачу Куьршалан кIоштарчу Хоси-Юьрта. Теллина нехан телефонаш.

Ватсапехула яьржина лела цхьамма суртдаьккхина баннер, цу тIехь боху, сурт дагийнарг вуьйцуш айкхваьллачунна совгIатдийр ду 30 миллион сом. БIаьчи-Юьрт гонера дIахецнехь а, хууш дац, мила вина Iедало Кадыровн сурт дагорна бехке. Оцу доллучун а хьокъехь журналисташа делла хеттарш жоьпаш доцуш дитина мехкан полицино а, Iедалан кхечу урхаллаша а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG