ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ростов-ГIалахь нохчо лаьцна


Ростов-ГIаларчу тIеман кхело Ставрополан 6 вахархочунна хенаш кхайкхийна 5 шарера ворхI шаре кхаччалц. Царна бехкедуьллу Шемарчу «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобанан могIаршка Оьрсийчоьнан кегийрхой бахийта кечбеш хилар.

И хаам баржийна «Интерфакс» агенталло. Талламчаша дийцарехь, Ставрополерчу медицинан академин студент Яхъяев Султан 2013-чу шарахь дуьйнна шен накъосташца кегийрхойшлахь радикалан хьежамаш баржош, ДАIИШ тобанан могIарш дузархьама, цуьнан гIоьнца Орьсийчуьра 4 жимстаг Шемарчу тIаме вахана.​

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG