ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхелаш ларъяр Москох гIалгIазакхийн кара делла


Москох ерриг а кхелаш ларъян «ГIалгIазакхийн ха» олучу доларчу хьукматца пачхьалкхан контракт цхьа конкурс а йоцуш хIоттийна, аьлла даржийна интернетехула Фейсбукехь коррупцина дуьхьалоечу Фондан юристо Соболь Любовс. Цо бахарехь, низамца ца догIу пачхьалкхан шахьарарчу кхелийн департаменто шеггара гIалгIазакхашка кхелаш ларъяр дIадалар, иза коррупци ю.

2014-чу шарахь Оьрсийчоьнан гIалгIазакхийн эскарийн гоно кхоьллина шайн декъашхойх и хаден хьукмат. Ткъа хьалха кхелаш ларйора полицино а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу Iедалх йоцчу хадаран урхалло. Хьалхо Нохчийчоьнан администраторо Кадыров Рамзана дIахьединера, шен куьйга кIелхьарчу леринчу ницкъаша «агентуран маша» кхоьллина «Исламан пачхьалкх» олучу тобан могIаршлахь, аьлла. Оцу хьокъехь шега динчу хаттарна журналисташна жоп делла Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс.

«Нохчийн лерринчу тIеман тобанах дерг тIеман министраллехь хаа деза» - аьлла цо. Бакъдан я харцдан ца хIоьттира иза, кеманаш доцуш, Оьрсийчоьнан эскархой буй Шемарчу тIамехь дакъалоцуш аьлла шега деллачу хаттарна. «ТIеман министралла цкъа аьлла а ца Iа, мила, маца дуьйна, хIун деш ву Шемахь» - дара Песковн жоп.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG