ЧIебарлойн кIоштахь, Къоьзан-Iам тахана уггаре а гIараяьлла меттиг ю. Гергарчу хенахь кхечу пачхьалкхашкара а, Оьрсийчуьра а туристаш тIеэца кечйеш а ю меттиг. Иза маца хир ду хууш дац. Амма республикан массо а маьIIера ала мегар долуш нах оьху цига садаIа. Ткъа хи чохь луьйчуш болчу цу нехан кхерамазалла ларйеш яц.
Иза гойту Гулаев ЖовхIаран кхолламо.