ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мигранташ алсамбовларо Оьрсийчоьнан кхерамазаллин бух талхабо боху эксперташна


Оьрсийчоь/Узбекистан - Оьрсийчохь болх бечу мигрантийн проблемашна лерина суртийн гайтам, Заз62014.
Оьрсийчоь/Узбекистан - Оьрсийчохь болх бечу мигрантийн проблемашна лерина суртийн гайтам, Заз62014.

2050-гIа тIекхачале Оьрсийчура бахархойн ах дакъа мигрантех лаьтташ хир ду аьлла дIахьедар дина Оьрсийчоьнан Къоман Стратегин Институто. Iилманчийн хьесапехь, пачхьалкхана чуоьхучу мигранташа кхерам кхоьллина Оьрсийчоьнан кхерамазаллина.

Iилманчаша бахарехь, тIеоьхучу наха боккху кхерам, урхалла доцчу миграцица а, цуьнца цхьаьна пачхьалкхехь кхоллаеллачу демографин кризисца а боьзна бу. Оцу хьокъехь леррина рапорт кечдинчу Iилманчаша Iедалшка кхайкхам бина, Оьрсийн Федерацин бухара нах дебон а, церан метта арахьара нах тIеэцар сацадан а хьажа, аьлла.

Церан хьесапехь, Оьрсийчохь хIинцале 30 млн мигрант ву. Оццу хенахь, тайп-тайпанчу Iедалан хьукхматийн терахь къасьташ ду вовшах. Росстатан хьесапехь, 1992-чу шарахь дуьйна 2010-гIа шо кхаччалц, тIебаьхкинчу нехан терахь 5 млн 400 ду. Ткъа ФСБено бахарехь, 1999-чу шарахь дуьйна пачхьалкхана чубаьхкинчу а, дIабаханчу а нахана юкъахь долу терахь 27 млн 750 эзар ду боху.

Рапортан авторша, иштта, билгалдоккху, 2000-чу шарахь дуьйна Оьрсийчу оьхучу нехан дешар а, говзаллаш а лахара хилар. Царна гIазакхийн мотт ледара хаьа, я хаъане ца хаьа. Ткъа цу гIаллакхо бахьана кхуллу, къаьмнийн юкъаметтигаш йохон. Ишта а гена даьлла хьал чолхе доккху, бакъо йоцуш лелачу мигранташа. Уьш, Федералан Миграцин Сервисан хьесапехь 3,6 млн бу. Кхечу хьосташа чIагIдарехь, уьш кхин а маситтаза дукха бу – 16 миллионна тIера 18 тIекхаччалц.

Пачхьалкхан бахархойн терахь лакхадоккхуш мигрантех пайда эцарца йоьзна ойла чIогIа кхераме хета Оьрсийчоьнан Къоман Стратегин Институтана. Сибрех а, генара Малхбале сихачу боларца юзуш бу Китайра бахархоша. Оьрсийчоьнна юккъехь мигранташа лакхадаьккхина боху зуламийн терахь.

Азин республикашкара Оьрсийчура кIошташка баха охьаховшуш болу радикалан исламан агIончий а бу, кхана Iуьйрре бале бевр болуш. Уьш тIебиссина меттигаш вахьабхойн карайоьлхуш ю боху рапорто.

Эксперташа хьалха а тидаме диллинера миграцин политика хийцарца доьзна хаттар. ХьастагIа Оьрсийчохь арадолучу «Независимая газето» пхи бахьана дийцинера, Оьрсийчу кхайкха безарш дешна мигранташ хиларх лаьцна. Ткъа говзалла йоцу белхалой тIеэцар шен бухехь дуьйна сацон деза аьлла дара цу артиклана тIехь.

Хьалха Советан пачхьалкхана юкъайогIуш хиллачу Юккъерчу Азера а, Кавказана тIехьара а республикашкахь, церан кхиаран амалца а догIуш, лакхара говзалла йолуш нах хуьлийла дац, бохуш дуьйцу артикло. Цу кIошташкара нах Оьрсийчу дукха бахкарца боьзна кхин цхьа кхерам а го эксперташна. Юккъера Ази наркотикаш дехьайоху меттиг хиларна.

ТIебаьхкина нах бухарчаьрца бертахь бахар а ца нисло културин а, кхин а бахьанаш хиларна. Ледара гIазакхийн мотт хууш долу мигрантийн бераш оьрсийн школашка эха дуьйладелчхьана дуьйна кхоллало девнаш дийла бахьана.

Кхин цхьа агIо, могушаллина дола дечу тIегIанехь го эксперташна. Мигранташ лоьрийн гIо лаха Оьрсийчура лоьрашна тIе боьлху, тIаккха бухарчу бахархойн хьал галдолу, боху цара.
XS
SM
MD
LG