ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нийса дуй яздархошна тIеIаткъамбар?


Яздархочун кхолларллан васт
Яздархочун кхолларллан васт

Советан заманахь а санна, тахана а бу Оьрсийчохь хьахо магош боцчу яздархойн, Iилманчийн могIарш кхуьуш. Жигара хьийза и тайпа дехкарш даржош Нохчийчуьра Iедал. Политика, хьаькамашна хетарг-моьттург я яздархочун, Iилманчийн муьтIахьазалла бахьана долуш махкахь хьахош боцуш, я хьахо бихкинчу Iилманчашлахь, яздархошлахь бу хIинца дуккха а нах.

Цуьнца дузу Маршо Радионо кху кIиран хаттар. Мел нийса ду Нохчийчоьнан таханлерчу Iедална ца тара бохуш нохчийн яздархой, Iилманчаш халкъах дIахербар, церан жайнеш дешархойх хьулдар?

Хетарг ала луучунна Маршо Радион телефонаш йовзуьйту оха. Прагехь: +42, 07 24 01 98 32.

Боцца горгали баийтинчул тIаьхьа тхаьш зIене а девр ду тхо.
СМС яийта тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 92 62 36 04 65.

XS
SM
MD
LG