ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Норд-Ост, 12 шо, таллаза битина бохам


Оьрсийчоь. Москох. Норд-Остера бохам биц ца бо бахархоша.
Оьрсийчоь. Москох. Норд-Остера бохам биц ца бо бахархоша.

...Кхо де даьлча, ГIадужу-беттан 26-чохь, Бараев Мовсарца долийна дийцарш а совцийна, театрна тIелетира Iедалан ницкъаш. Чухецначу газах велира 130 маьрша вахархо а, массо а террорхой а. Дубровкерчу бохамо бIеннаш хеттарш дитина жоп доцуш. Ду и тайпа хеттарш нохчашкахь а...

Кхо шо ду Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Норд-Ост Бараев Мовсаран тобанах цIанъеш, Оьрсийчоьнан Iедало низам а талхош, нехан синош а даьхна, хила ма-оьшшу кхел а ца хилийтина, аьлла, сацам бина.

Даима а хуьлуш ма-хиллара, пачхьалкхо сихха дIаделла кхело арзхошна дала кхачийна ахча, амма кхочуш ца бина ша бан декхаре йина хилла таллам хIинца а.

Тергамхошна хетарехь, я кхочуш а бийр бац Страсбурган сацам оцу декъехь. Цара иштта бохуш хилча, лоре хIутту хаттар: стенна бийр бац, хIун ду Iедало Норд-Остца доьзна лечкъориг?

Нагахь санна, Дубровкерчу театрехь лелларг толлуш а, ма-дарра кхеле доккхуш а хилча, оцу юкъавуьйр вара, масала, Нохчийчохь шолгIа тIом балале а, болабелча а президентан Масхадов Асланан администрацин куьйгалхо лаьттина Баталов Апти.

Нохчийчоь -- Оьрсийн эпсарца бертан къамелехь ву Ичкерин инарла Баталов Апти, 31ГIу1996
Нохчийчоь -- Оьрсийн эпсарца бертан къамелехь ву Ичкерин инарла Баталов Апти, 31ГIу1996

Иза Ингалсехь веха тахана. Массех шо ду цо Москох Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуре кехаташ кхоьхьуьйту, Норд-Остехь хилла бохам серлоне баккхийта шега, ша теш а хIоттош, бохуш.

Баталовна тоьшалла дан лаьа, нохчийн лаьмнашкара тIеман заманахь, 2002-чу шеран гурахь, Москох Iедалан хIусамаш дIалеца баха бетталуш тIемалой буйла а зийра ша, уьш цига хьовсош ериг къайлаха сервис – ФСБ – юйла а хиира шена, аьлла.​

Баталов Аптин инарла прокуроре Чайка Юрийга хьажийна кехат
Баталов Аптин инарла прокуроре Чайка Юрийга хьажийна кехат

Москох теракт ян баха кечлуш хиллачу нахалахь Мескар-Эвлара Теркибаев Ханпаша а, Новр-ГIалара шен хIетахьлера доттагI Дагалаев Лоьма а вара, боху Баталов Аптис. Дагалаевгахь, масала, дайна цунна ФСБ-но делла муьлххачу меттехь а некъ боьллу, нахалахь «вездеход» олу кехат-тоьшалла. Гарал совнаха, Дагалаевс дерриг а ма-дарра охьадуьллуш видео а яьккхина Баталовс хIетахь.

Юьхьанца кхеташ доцчу хьелашкахь, буса машен а хаьрцина, Норд-Осте Бараевн тоба яххале, Невран-кIоштахь кхелхира Дагалаев Лоьма.

Ткъа Теркибаев Ханпаша Норд-Ост чохь а хилла, цу чуьра могуш-маьрша ара а ваьлла, шега хеттарш динчу журналистна Политковская Аннина ФСБ-но делла кехаташ дуьхьал а детташ, эха шарахь сов вехира. Цхьана а ницкъаллин урхалло беш хаттам а бацара цуьнга.

ФСБ-н агент Теркибаев Ханпаша, Норд-Ост дIалаьцначийн могIаршкахь а хилла, театрера араваьлла могуш-маьрша.
ФСБ-н агент Теркибаев Ханпаша, Норд-Ост дIалаьцначийн могIаршкахь а хилла, театрера араваьлла могуш-маьрша.

​ Амма цхьана Iуьйранна, шеца чохь массех милцо а волуш, машен а хаьрцина велира.

Норд-Остан хьокъехь Оьрсийчоьнан Инарла прокуроре Чайка Юрийга кхехьийтинчу кехаташна дуьхьал бутт хьалха жоп даийтина Баталов Аптига. Цо дийцира ша кехаташкахь цуьнга доьхучух лаьцна.

Иза стенна оьшу? Стенна оьшу Оьрсийчуьрчу Iедална цаоьшург, цунна хьедан ца луург кегон, цо некъ боккхур боцийла а хууш? Оцу хаттарна жоп иштта ло Баталов Аптис.

Норд-Остах, аьлча а, цу чохь нохчийн тIемалоша а, Iедало а эккхийтинчу бохамах лаьцна ши ойла лела Оьрсийчохь. Iедалан - шениг, ша къинойх цIандийриг, нехан – иза бехкедийриг.

Статистийн юкъаралло «Левада-Центро» деношкахь хеттарш дина бахархошка хетачух лаьцна. 73 процент наха Дубровкехь хиллачух тераниг нисделча, террорхошца бартбан а беза, мухха а, хIуъа а дина а закъалте лецна нах мукъабаха а беза боху. 20 процентна ца хаьа, террорхой байъархьама закъалтхой а хIаллакбан мега я ца мега ала. Ах нах тешна бу, «Левада-Центро» бинчу талламца, Iедало бакъдерг къайладаьхьна бохучух.

XS
SM
MD
LG