ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путина деза къамелаш дахь а, санкцеш шайн «болх» беш ю


Мехаш бесташ бу Оьрсийчохь
Мехаш бесташ бу Оьрсийчохь

Кремло Украинера ГIирма дlаяккхарца йолийра пачхьалкхаша Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш яха. Массо а тайпа юкъаметтигашкахь лела уьш тахана. Путин Владимира пачхьакхана кхераме яц боху уьш. Амма цкъа а ца хилла мах бу долларан а, еврон а Оьрсийчохь. Бесташ лаьтта кхачан, духаран, ягочун мехаш...

Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш яхаза йисина пачхьалкхаш оцу таIзарна тIетайначел а кIезиг юй-те аьлла ду сурт таханенна. Iамерка а, Европан Берта юкъабогIу мехкаш а боцуш, цаьрца цхьаьна санкцешна тIетайна кхин оццул экономикан, финансийн, тIеман блокашкахь боцу мехкаш а.

Европан а, Iамеркан а, цхьана декъанна, Азин а континенташкарчу пачхьалкхаша совцийна Оьрсийчоьнца лелла гергарлонийн дуккха а агIонаш, дихкина цигарчу цхьамогIа банкашна, фирманашна, компанешна экономикан, финансийн юкъарлонаш лелон. Массийтта бIе Оьрсийчуьра хьаькам ву пачхьалкхан дозанал арахьа персона нон-грата кхайкхийна.

И дерриг а цхьана а кепехь новкъарло еш дац шен пачхьалкхана, Оьрсийчоьнан хIумма а ца дов Iамеркано я Европано цунна букътохарх, баьхна кху беттанашкахь президента Путин Владимира шен куьйгакIелхьара 150 миллион адам тедеш, цаьргахь патриоталла кхиош.

Кху денойн ду цо дина хIара къамел а. Цо дуьне бехкедо Оьрсийчоь кхетамчу ялон гIертарна. Долларна а, еврона а дуьхьал ца латталуш, оьрсийн сом цкъа ца хиллачу барамехь лахдалар, дужуш латтар а ца гуш санна дуьйцу цо.

Путин: «Санкцеша тхуна, кхеташ ду, новкъарло йо. Зен дан гIерта вайна оцу санкцешца, вайн кхиар лагIдан, политикехь, экономикехь, синбахамаллехь вайн лахдан, аьлча а, дахар эшаме дига.

Амма резерваш тоьаш ю халкъан валюта шен боларехь кхаба. Суна ца го кхузахь цхьа а бохаме хийцамаш хир болуш. Тешна ву, мехкдаьттан мехаш дIанисбаларе терра, дIанислур ю халкъан валютан курс, соьман курс».

Оьрсийчоьнан лаккхарчу тIегIанахь иштта дуьйцу. Путинан даггара ву Кремлна гонаха болу Iилманчаш-экономисташ, цхьаболу финансисташ, политикаш, политологаш. Церан кхетамехь, Оьрсийчоьнан халкъ цкъа а ца хиллачу кепара тешаме ду Iедална а, реза ду пачхьалкхо йохучу гIулчашна а, шен дахарна а.

...Ткъа иштта дуй-те? Иза вуно шеко кхуллуш ду кху деношкахь къаьсттина. Оьрсийчохь цIеххьана ах гергга лакхабевлла сурсатийн, кхачан, духаран, кхечу йохк-эцарехь лелачу аьттонийн мехаш.

Масала, Нохчийчоьнан базаршкара, туьканашкара мехаш бовзийтира Маршо Радиона телефонехула маьI-маьIнерчу массех вахархочо. Цхьабосса лакхабевлла уьш, Веданарчу Яхитас бахарехь:

Пачхьалкхан президентехь Путин Владимирехь юьсу дахаран хиндолчух дегайовхо. Ткъа иза вуно шелъелла хаало нахалахь, иза гуш ду Оьрсийчоьнан гIаланашкахь, ярташкахь бахархойш леткъарца.

Дахар хьолах, кхьууш лаьттачу мехех, кханенах болчу тешамах а лаьцна шега дийцар дехча, иштта йовзийтира шен дог-ойла Соьлж-ГIаларчу Ахьмада.

Оьрсех болчу сепаратисташа Украинехь балелаьцна цхьа мохк дIа а лаьцна, цул тIаьхьа цигара кхечу махкашна, Малороссия аьлла цIе а тиллина, уьш а Оьрсийчоьно шена чуийзо болийча юкъаяьхна санкцеш Iамерко а, Европано а.

Путин Владимирна а, цуьнан гонна а цхьа некъ бен ца буьсу – геополитикехь Оьрсийчоьонах агрессор цаяр, дуьненара дуккха а лидерш санна, баккъал а шен къомана пайдейолу и къам даха хааде политика хьалхаяккхар.

Иза цо ша ца дахь, халкъо цуьнга дайта деза аьлла а хета Оьрсийчоьнна духьал санкцеш хIиттийначу мехкашна.

XS
SM
MD
LG