ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцошна юкъара пен божийна де


Германи --Берлинан Пен хиллачу сизца хIиттийна стогарш, 07Лах2014.
Германи --Берлинан Пен хиллачу сизца хIиттийна стогарш, 07Лах2014.

Шина декъе екъаелла хилла Германи вовшахкхетта де дара оршот. ХIора а немцочун дахарехь мехала ларалуш ду Малхбузенний, Малхбаленний юккъехь бекъна хилла болу мохк вовшахкхетта де. Амма тахана а, къам вовшахкхетта 25 шо даьллачул тIаьхьа а, херо йисина шина декъе бекъна хиллачу немцошна юкъахь.

28 шарана дахделира Германи екъар. I961-чу шарахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Британин а, кхечу церан агIонехь йолчу Малхбузенан пачхьалкхийн а тIеIаткъамехь долчу декъе а, ткъа иштта Советийн пачхьалкъан тIеIаткъамна кIелахьчу Демократийн Республика Германи цIе йолчу декъе а бикъира и мохк.

Цу декъаро хийла доьзалш, шерашкахь вовшашна тIекхача йиш йоцуш, къастийра. Хийла стаг Малхбалера Малхбузе вада гIортарна шерашна я набахтеш чу, я синойн лазарийн лоьрийн цIеношка кхачийра. Хийла вийра, дозанал къайлаха-къулаха дехьа вала гIоьртинчохь герз тоьхна.

Ткъа эххар а I55 чакхарма беха боьттина и пен, I990-чу шеран лахьан беттан иссолгIачу буса божа болабелча, миллионаш нахана Германин шинна а декъахь а, и хIума тергал деш цец-акъ даьлла дисинчу дуьненчохь а моттаделира, хIинца-м дуьне а, уггаре а хьалха и пен боттар юккъедаьккхина Советийн пачхьалкхе а, цуьнан куьйгаметта йолу Оьрсийчоь а кхечу мехаллашца а, кхечу низамашца а яха йолалур яра, аьлла.

Европерчу стратегикаллин талламийн институтан белхахо волу политолог Асхабов Хьамзат цу хенахь Москохарчу цхьана Iилман-талламийн институтехь болх беш вара. Цунна дика дагадогIу хIетахь дуьненчохь а, амма иштта хийцамийн новкъа аьлла хиллачу Оьрсийчохь а и пен божаро кхоьллина хилла синхаамаш. Иштта дагалоьцу политолога и хан.

Асхабов Хьамзат: „Оьрсийчоьно аьлча а, цу хенахь Советаш дара, цара и шен Германера позицеш дIахецар а, цигара шен эскарш арадахар а чIогIа тешам луш хIума дара. Советан пачхьалкхе хийцалур ю аьлла а хетара. Перестройка а ма ярий йоьдуш. Вайна ма-хаара, нохчийн гIаттам а цуьнца боьзна бара. Дахар хийцадаларе сатуьйсуш гIевттина бара нохчи а. ХIинца, хан яьллачул тIаьхьа, вайна гуш ду и вайн хIетахь хилла сатийсамаш кхочуш ца хиллийла“.

Амма хIинца, цул тIаьхьа 25 шо даьллачул тIаьхьа, кхеташ ду – немцойн къоман цхьаалла иштта хIетахь хетачу агIор дIа ца хIоьттира. Ткъа дуьне а, „эчиган пардо“ доьхна, цу пенаца цхьаьна дIадаьллехь а, амма кхечу, кхин а чолхечу баланаш лаьцнийла а, Оьрсийчоь а, цуьнан тIаьхьарчу пхийттех шеран историн голатохаро гойтуш ма-хиллара, шен хIетахьлерачу политикан а, юкъараллин а Iадаташна гена ца яьллийла.

Къаьcттина кху тIаьххьарчу беттанашкахь, Украинехь лаьттачу хьолаца доьзна а, Оьрсийчоьно цигахь гуш а, къайлаха а лелочу питанашца доьзна а, символикан маьIне ду Берлинера пен божаран 25 шо кхачар. Дуккхачу тергамхошна хетарехь, цу хIетахь дуьйна дIадевллачу шерашкахь цкъа а тахана санна керлачу шийлачу тIамна герга ца хилла дуьне а, цкъа иштта герга ца хилла керла „эчиган пардо“ Оьрсийчоьнний, Малхбузенний юккъе хIотта.

Нагахь санна, Берлинан пен боьжначу хенахь Оьрсийчохь хийцамаш хир бу-кха аьлла сатийсамаш адамаша кхобуш хиллехь, хIинца нийса бIостане дерг кхеташ ду – Кремлан дай хийцамашна метта, хьалхалерчу хьоле а, хьалхалерчу риторике а юхабирзина хилар бохуш дуьйцу политолога Асхабов Хьамзата.

Асхабов Хьамзат: „Хьалхалерачул чIогIох а, кхета халох а йолу харцо ю таханлерчу дуьненчохь лаьтташ ерг. ХIетахь шина полюсах лаьтташ дара дуьне – социалистийн лагерий, вай шех капиталистийн лагер олуш хиллачухий. Царна юккъехь къийсам бара дIабоьдуш, иза массарна а кхеташ дара. ХIинца массийта тайп-тайпанарчу декъашка декъаделла дуьне. Нийсо гуш а яц, ткъа Оьрсийчохь дерг вайна хIеттаъ-ветаъ гуш ду, Iедалан харцо а а цигахь хийцалуш яц“.

Европехь, бакъ ду, Берлинан пен божаро дуккхаъ хийцамаш бахкийна. ХIинца а Германехь Малхбузерачуй, Малхбалерачуй немцошна юккъехь, меллаъ хилла а херо елахь а, амма Европин тIегIанна тIехь цу хиламо вуно яккхий таронаш схьайиллина аьлла хета Асхабов Хьамзатна.

Асхабов Хьамзат: „ХIетахь дуьйна кхузара интеграци чIагIлуш ю. Цхьа ахча а юккъедаьккхина, дозанаша а дIадаьхна. Нахана бахар-бахкарна тIехь а, белхан меттигаш лахарна тIехь а дуккхаъ аьттонаш схьабиллина. Дуккхаъчу хIуманашна тIехь цхьаъ хилла дIахIуттуш ю Европа“.

Шайн немцойн цу 25 шо хьалха шайн халкъ шина декъе декъна хилла пен божаре хьежамаш муха бу гойтуш дара даханчу кIирандийнахь доккхачу Iийданца и хилам цара базбар. „Цкъа а кхин къам ца декъийтархьама“ аьлла цIе тиллина цара цу даздарийн.

XS
SM
MD
LG