ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьехархой зуьйш бу Кадыровн "комиссараш"


Нохчийчуьра Iедал кегийрхой балийна а ца Iа низаме, оццу декъахь бу, масала, махкара хьехархой а - царна тIехь ду кху деношкахь Кадыровс доьшийлашка хьовсийначу «комисарашна» хьалха пачхьалкхан экзамен дIаяла. Оцу кепехь шаьш Iедало зер ца тайна педагогашна.

ХIинцачул кхо-диъ кIира хьалха дешаран а, Iилманан а министараллин хьостано хааме даьккхина тIедогIучу 2015-чу шарахь хьехархойн хаарш зуьйш экзаменаш дIайолуьйтур ю аьлла. « Цо таро лур ю хьехархойн корматалла муьлхачу тIегIанахь ю хаа а аьтто бийр бу ишколашкахь йоза-дешар Iаморан барам лакхабаккха а.»,- боху дешаран министараллин хьостано.

ХIинцца Iорабаьккхинчу хаамца, хьехархойн хаарш зер юха шаре дIатеттар, схьагарехь, маьIне ца лерина маьхькIамхоша. Церан корматаллин хаарш ахкаме дохкуш ду кху беттан I5-чу дийнахь дуьйна. Уггар хьалха экзамен дIаяла «кхаж» баьлла оьрсийн меттан а, литература а , математика а хьехархойн.

Ишколан хьаькамаша дийцарехь масех кIоштера хьехархой цхьанхьа дIа а гулбеш, толлуш ду церан хаарш. Официалан гIардаккхарца, оццул «озабезам» а бина уьш хьалхабахар доьзна ду кхушарахь I6 % дешархоша математикна а, 22% оьрсийн маттана ЕГЭ экзаменехь шианнаш дахарца.

Хьехархошка экзаменаш ялийтарна гонаха дечу къамелашка ладоьгIча,коьртачу декъана билгалдолург ду хьехархой Iаламат чIогIа реза цахилар. И юкъадалор шаьш цаларар а,дош цахетар а санна туьду хьехархоша. Шайна тIетеIочу экзаменах дуьйцуш ю 30 шарахь сов оьрсийн мотт а.литература а хьоьхуш йолу, иттех шарахь Тюменан кIоштехь болх а бина хIинца-хIинца цIа йирзина Теркйист кIоштера хьехархо Дагман.

Дагман: «Ас сайн хенахь институтехь деша а дешна , ас сайн корматаллина тоьшаллаш диплом а, оценкаш а схьаеъна. Тахана суна тIехь зераш а ца деш,соьга ЕГЭ ло а ца бохуш, ас дIалуш долчу хааршка хьовса беза. Суна сайн хьехархочуьнан статус шеконе йиллар санна хIума хета хьехархошна талламаш бара. Суна сайн уроке а баьхкина ладугIийла лаьа.Нагахь соьгара гIалат даккха лууш белахь схьа а баьхкина ,схьагайта деза я суна гIоьнна мастер класс урок яла а мегар ду. ТIаккха и гIодар хир ду».

Дагахь хIуъу а делахь цхьа наггахь болчу хьехархоша дийцарехь, хаарш зерах галдала хIумма а дац. Ишта дог-ойла историка Мусаев Iабдурахьмана.

Iабдурахьман: «Цхьа новкъа хIума ду аьлла ца хета суна-м иза. Хьехархоша экзаменаш яларх цунна шена хаа а дика ду-кх. Нахана хьалха юьхьIаьржа ца хIотта а, шен дуьхьа а цо дIалур ю аьлла хетта суна-м и экзамен»

Делахь а дукхахболу хьехархой банне а реза бац дешаран министаралло юкъадаккха лоьручу зерашна. Цара иза шайгара цхьаъ даккха,леррина лело хIуьмалгаш санна кхетадо. И санначийн къамел цхьана агIор бух болуш ду аьлла а хетало.

Стенна аьлча, цара шаьш тидаме ма-диллара, хIора шарахь ишколашкахь дIахьуш болу зер-талламаш боцуш, хIора а диъ шо мосазза дели хьехархой аттестацех чекхбохуш бу дешаран министаралло. И экзаменаш хьокъехь кху кепара къамел нисделла сан Соьлжа гIаларчу хьехархочуьнца Хадижатца.

Хадижат: « Со болх беш йолу 41 шо ду. Тхуна зераш деш лаьтташ ду кху ишколехь. Аттестатеш а йо,массо тайпа талламаш а бо. Со Соьлжа-гIалахь аттестацех чекхъяьлла шо а дац. Дика чекх п яьлла. ХIинца экзамен хIоттийна боху. Суна дастам хета-кх тхайца лелориг.

Министараллехь аттестацех девлла хилча, юха а хIун де боху тхойга. Хьехархоша вовшашка и дуьйцуш ладоьгIуш Iийна-кх со. Везандела цара хIун бахара. «Нагахь хьехархой ишколера уьдуш бацахь царна цигахь дика ду» боху бах хьаькамаша. Дика ду моьтту царна. Тахана белхаш боцу дела тасаделла дохкуш ма ду тхо ,ледарло ца ялийта гIерташ, пенсе дахчи а дIа а ца довлуш.

Суна и ледарло яккха гIерташ санна хета уьш. Цара уьш лоьхуш санна а хета.. Цхьаболчарна шайна сом даккха лело хIумнаш а хета. Кхузахь бен цхьаллиг цхьанхьа дац ишта хьехархой экзаменах бахар. Иза хIун дуй. Иза хьуна тIехь цхьа белам кхолла, я хьо дIавалийта гIерташ санна лело хIумнаш ду-кх».

Хьехархой экзаменах чекхбахар хьокъехь вонна а. диканна а бистхила лууш бац масала ишколийн а, кIоштан дешаран декъан а хьаькамаша.Бакъду дукхахболчара билгалдоккху, нагахь хьехархой балхара бохош хилахь церан мета дIахIитта кечбеллачийн могIарш вуно чIогIа лилха хилар. Хааршша-м дуьйцуш а дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG