ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къоман иэс оьрсийн Турслочун дийнах хийцича…


Нохчийчоь --Оьрсийчоьнан Турслочун Денна кечлуш ю Соьлж-ГIала, 15Чил2015
Нохчийчоь --Оьрсийчоьнан Турслочун Денна кечлуш ю Соьлж-ГIала, 15Чил2015

Вайнах депортацера юхабаьхкичхьана дуьйна, Чиллан-беттан 23-гIа де бохамца а дузуш, билгалдоккхура Нохчийчохь. Амма масех шо ду оцу дийнахь Сталина нохчашна дина таIзар хьахор а дитина, Iедало Оьрсийчоьнан Турслочун де санна дазде. Оцу къастамца бахархойн мел реза бу теллира Маршо Радионо.

ДIаоьху шераш, амма депортацин Iазап лайначарна а, цул тIаьхьа биначарна а даим дагахь ду Чиллан-беттан къематде а, цул тIаьхьа хераллехь даьккхина 13 шо а.

ТIаьххьарчу шерашкахь дуккхаъчу нохчийн иэсехь лахлуш бу цу денца боьзна дагалецамаш. Хила тарло иза Нохчийчохь официалан кепехь хIетахьлера бохам бийца дихкина хиларца доьзна а.

Ерриг Нохчийчоь даздан лерина ю кхушара а, дахначу шерашкахь санна, Чиллан-беттан 23-чу дийнахь Даймехкан турслочун де. ХIинцале а Соьлж-ГIала къагийна ю, гобаькх-баьккхинчохь хьалакхозучу бес-бесарчу «Декъал дойла шу Даймехкан турслочун денца» боъучу баннершца.

ХIора заманахь цхьацца политикаш, яздархой, журналисташ, я кхин лоруш болу нах бовлу, кегий кьаьмнаш хIетахь цIерадахар бакьдан гIерташ, дIадаьлларг дицдан деза, даима дилхина девр дац, олуш.

Делахь а, кIеззиг бац тахана нохчашлахь, кхойтта шарахь деган Iовжамца малхбузехьа хьежна, шайн хьомечу лаьмнашка кхачаре сатийсинчу шайн дайн-нанойн бIаьрхиш дицдан ца луурш а.

Маршо Радиоца къамел хиллачу Соьлжа-ГIалин вахархочо Мадиев Iимрана боху и де къоман бохаман де ду, турслочун денца хийцар шена гIалатло хета.

Iимран: «Нийса дац дера, муха бицло дерриг а къомо хьегна и бала. Кхин ца хилча, хаа дезара, дагахь латто безара оццу оьрсийн «турслочо» вайх 200 000 х1аллаквар кху тIаьххьарчу заманахь. Я иза дагахь латтийта а ца хIоттийна махкахь цхьа а хIоллам. Харцо ма ю иза».

Маршо Радиоца къамел мел хиллачо олург цхьа халкъо олучу «хи дIадоьду, тIулгаш дуьсу» бохучу маьIнехь кхеталуш дара.

Iалхан-Юьртарчу Алихаджиева Тамарас тхан хиллачу къамелехь элира, денош хийцарх, мел зама дIаэхарх, ша бакъйолчу нохчийн йоьIан а, кIентан а иэсера цкъа а дер дац шайн дайша лайнарг.

Алихаджиева: «Ша къоман воI, йоI хилахь-м дицдийр дац вай дай-наноша лайна и шийла, гIийла де а, зама а. Iедал тIе а догIу, дIа а доьду, замано дерриг а шен метте дIанисдийр ду».

Хи санна, дIайоьду зама, иштта дIабоьлху баланаш, хало шайна бIаьрга гинарш. ХIора шарахь догIур ду Чиллан беттан 23-гIа де а, дагалецамашца дуьгуш 70 шо хьалха вайнахана тIехь хIоьттинчу къематдийне.

Къоргга хьажаме мах хадабо Чиллан-беттан 23-чу дийнан, ша Iилманча хиларе терра, филологин доктора, къоман патриото Вагапов Iаьрбис а.

Вагапов: «Оцу дийнах адамашна бале долу де дойла дацара, амма дицдина, дIатоттийла а дац. Муха мега иэс ца кхаба, дIатаса? Мегар дац дера. Оцу дийно Iамош дац вай вешан дахарш муьрашца дуста а, диканах вон къасто а? Дицлур дац дера и де-м…»

Дуьненна а хууш ду, нохчийн къам дохадар карладоккхуш дахначу шарахь 70 шо кхочуш Къилбаседа Кавказан къаьмнийн Ассамблеяно, Iилманан гулам-конференци яр бахьана долуш, цуьнан президент Кутаев Русланна 4 шо хан кхайкхина набахтехь валлон. Беккъа цхьана оцу декъазчу хиламо а гойту мел балехь доллу нохчийн къам, юха а ша лайнарг далхо доьхкучу Iедала кIел а нисделла…

XS
SM
MD
LG