ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даржо «чIагIйина» цхьаболчу куьйгалхойн суьпалла


Нохчийчоь --Устрада-ГIалахь Кадырова Айманин цIарах маьждиг схьадоьллуш, 16Сти2014.
Нохчийчоь --Устрада-ГIалахь Кадырова Айманин цIарах маьждиг схьадоьллуш, 16Сти2014.

Замано ма-хьоьхху, коммунист-атеист хилла ша леллехь а, Советан Iедал а доьхна, керлачу дахаре вогIуш хийлачо, тIера духар санна, хийцира шен тIоьхула хьаьжча гуш долу хатI.

Охьахийцира маж, коьрта тиллира пес, коча оьхкира суьлхьанаш, вахара Дела вовза а, веза а чууьдучийн могIаршка.

Тахана нохчочун я гIалгIачун, дагестанхочун я адыгийн къаьмнийн тоьлла ларалучу къонахчун битамехь ду шеца суьпалла гайтар. Къаьсттина иза шайца гайта гIерта бусулба мехкийн куьйгалхой, церан гонаш.

Масала, билгалбоху вай Къилбаседа Кавказера мехкийн куьйгалхой: ГIалгIайчоьнан Евкуров Юнус-Бек, ГIебарта-Балкхаройн Каноков Арсен, Дагестанан Абдулатипов Рамазан.

Церан цIенца цхьа а ца хилла молла а, я суьпаллехь лакхабевлла нах а. Амма ю цаьрца говзалла халкъана Iаткъам беш «нийсачу» новкъа уьш баха.

Оьрсийчоьнан телевизионехула Познер Владимирца цхьанакхетарехь ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо ша билгалдаьккхинера Советан Iедалан заманчохь эскарехь ша волчу заманчохь аьтто хилча ламаз ца деш ца Iийна ша аьлла.

Познера шеконехь дуьту Евкуров Юнус-Бека делла жоп.

Познер: «Бехк ма-билла, ас цхьа ши хаттар лур дара хьоьца хьайца доьзна. Хилли хьо партин могIарехь? Хилла! Суна ахь даим олуш хезна, со гуттар хилла Делах тешаш стаг, эскарехь со волуш а сайн аьтто мел бели ламаз дора. Дуьххьара хьо хьайн белхан кабинетчу ваьлча айхьа хаьттира, мичахь ю ламазан чоь, аьлла. ТIаккха муха хуьлу и хьан, партехь латтар, Делах тешар а? Вовшийн дуьхьалонаш йолуш дац и ши хIума? И ший а цхьаьна леладар муха хуьлу хьан, я ахь харцдерг дуьйцу-те»?

Евкуров: «Со эскарехь волуш сан хьаькамо ламаз деш гича хаьттинера соьга, хIунда до ахь ламаз, сацаде ламаз дар аьлла? Ас цуьнга дуьхьал хаттар дира, ас ламаз дарх хьан хIун галдолу? Ламаз даран бахьанашца эскаран декхаршца лара ца во со, я писалла гайтина ас аьлла. Сайн даймехкан дуьхьа са дIадала кийча ву со, хIетте а хIунда ду сан ламаз хьуна новкъа? Нагахь санна со партин дуьхьа я сайн тIемалочуьн даржа дуьхьа ламаз дечуьра сацахь, тIаккха хир ву со сайн даймахкана ямарт ваьлла. Цул тIаьхьа соьга ларам а бара, я ламаз ма де бохуш дуьхьалонаш а ца йора хьакамаша».

Мухха делахь а, цхьаъ дацахьара нах а гIур бацара аьлча санна, дахначу шарахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек вахана веара хьаьжцIа.

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан хууш-ма хиллара, динан да вац, я муфтий а вац, хIетте а тIаьххьарчу шерашкахь къаьсттина гойту цо шен суьпалла, билгалдоккху бес-бесарчу интернетан агIонаштIехь.

Оьрсийчуьрчу бусулба нехан цIарах даккхий къамелаш до, ша цхьамма а векал вина а воццушехь.

ГIебарта-Балкхаройн президент Каноков Арсен а ву билгалбаьхначу куьйгалхойн боларехь, хотIехь лелаш.

ХIора шарахь ахчанца гIо а лоцуш хьаьжцIа баха луушберш бохуьйту цо.

Меттигерачу динан урхаллин векалшца а, кхи а тайп-тайпана хуьлучу цхьанакхетаршкахь хаддаза юьйцу тIекхуьу чкъор бусалба динехь кхиоран мехалла.

Маршо Радиоца хиллачу къамелехь Москохахь вехачу Iилманчас Саидов Iабдурашидана хетарехь, «Дин хьехор матте даьлла, дагчуьра дIа а даьлла».

Саидов: «80 шарахь дихкина лаьттина дин лелор маьрша даьлла тахана. Ткъа гушдерг хIун ду? Дин бахьнехь халкъашна юкъахь девнаш лелхар, дойу адамаш, Iено цIий. Уггар тоьлла нах бу бойъушберш. Денна схьадоьллу маьждигаш, масала Дагестанехь маьждигел дукха хIума дан а дац. Исламо боху, хIуманан барам совбийлар къилахь ду. Суна тахана юьхь-юьхьанца лело шалхонаш хета уьш.

Далла Iамал еш волу стаг шен сица, дагца цIена, оьзда хила везаш ву. Маьждигаш совдийларх, ламазна корта бетта нах алсамбийларх, нислур дац даккхий сакхташ. Кхаьънаш далар-эцар эвхьаза даьлла, адамашна юкъара марзо дIаяьлла, къинхетам бац, гоубаьккхинчохь аьшпаш, ямартлонаш го».

МогIарчу адамо аьлча, и адам аьшнаш дендерг, беламе доккхур дерг, я цунна веса ву аьлла наха петухундерг дерриг а ала тарлуш ду баккхийчу хьаькамашна. Уьш бац аьллачух я эхьан кхеле озош а.

Иштта жоп делира, масала, Дагестанан куьйгалхочо Абдулатипов Рамазана шега вевзаш волчу журналиста Познер Владимира динчу хаттарна.

Познер: «Далла хьалха хьо хIоьттича, хIун эр дара ахь цуьнга»?

Абдулатипов: «Ас эр ду, нагахь санна цигахь ала мегаш делахь, Салам Iалайкум! Къобалдехьа соьгахь мел долу диканиг, сан дахарехь соьгара дилинчу гIалаташна луьра таIзар а ца деш».

.

XS
SM
MD
LG